Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. ТІаккха бІаьрзечийн бІаьргаш са гуш хир бу, ткъа къорачийн лергаш дІадоьллур ду. АстагІниг, сай санна, кхоссалур ву, мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу. Хиш яьссачу арахула дІахецалур ду, хин Іовраш эрначу арахула оьхур ю. Йовхачу гІамарх хин Іам хир бу, декъа латта хьостанаша дузор ду. ЧангІалкхаша шайна баннаш дина меттигашкахь шач а, эрз а хьалабер бу. Коьрта некъ а хир бу цигахь, цунах «Деза долчун некъ» эр ду. Хьарам берш цу новкъахула гІур бац, сонта берш цунна тІехь кхерстар бац. Делан новкъахула леларш бен, уьш бен цу новкъахула лелар бац. Цхьа а лом хир дац цигахь, дера акхаро а ер яц цу тІе. Уьш цигахь карор яц. Дала, мах а белла, паргІатбаьхнарш гІур бу цу новкъахула. Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. БІаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дІабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дІатосур бац Ас. Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кІентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш – дуьненан массо а маьІІера. Цу деношкахь ЯхІудан тІаьхье цхьаьнакхетар ю Исраилан тІаьхьенца. Уьш цхьаьна къилбаседехьарчу махкара Аса шайн дайн дола деллачу лаьтта тІе схьабогІур бу». Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. Нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаІанийначу дераллица а Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара ара а дохур ду, шаьш дІасадаржийначу мехкашкара схьа а гулдийр ду. Шаьш дІасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогІу хІума санна, тІеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дІагойтур ду Аса Со веза хилар.
Выбор основного перевода