Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен веше йолу марзо лачкъорхьама, сихха ара а ваьлла, цхьа а воцучу меттехь вилхира иза. Сан везарго неІаран хераллехула куьг чукховдийра, тІаккха сан дог тохаделира, иза уллохь волу дела. Цундела мерзаша роггІана дагадо пІелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. Стигалара охьахьажахьа, Хьайн деза а, сийлаллин а долчу цІа чуьра схьахьажахьа: Хьан леррина хилар а, ницкъ а мичахь бу? Хьан боккха гІайгІа а, ницкъ а мичахь бу? Хьан эсалалла а, тхоьга болу къинхетам а сецна бу. Муха дІалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ? Удам-гІалина диннарг дийр ду те Аса хьуна? Я Цхьабайма-гІалина диннарг дийр ду те? Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла. Ашур-махке тхо кІелхьардахалур дац. ТІеман динна тІе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хІуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хІунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац». И бохург хІара ду: стеган лааме я цо гІуллакх даре а ца хьоьжуш, Дала Шен къинхетамца хоржу стаг.
Выбор основного перевода