Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тІеюьйхина гатанан оба бен, хІумма а яцара. Дика цхьаьнатоьхна йина гІала санна, чІагІйина лаьтташ ю Ярушалайм. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Кхузара схьа хезаш хастамаш беш йолу эшарш хир ю, массо а маьІІера схьахезаш самукъане аьзнаш а хир ду. Аса церан тІаьхье совйоккхур ю, церан терахь жимлур дац, Аса церан цІе йохуьйтур ю, цхьа а къам цаьрга лакхара хьоьжур дац. Ас Исраилан халкъан а, ЯхІудан халкъан а аьтто юхаметтахІоттор бу, ткъа Аса уьш, хьалха санна, чІагІдийр ду.
Выбор основного перевода