Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Везачу Эло иштта боху: „Дийнаца а, буьйсанца а Аса бина барт шуьга бохалур белахьара, уьш шайн хеннахь тІе ца кхочуьйтуш, тІаккха Сан ялхо волчу Даудаца бина барт бохалур бара, цуьнан тІаьхьенах кхин цхьа а паччахь ца хуьлуьйтуш, иштта левихошца Аса бина барт а бохалур бара, шайна юкъара Суна гІуллакх деш болу динан дай ца хуьлуьйтуш. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, ягар ца яллал дукха тІаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гІуллакх деш болчу левихошна а“». Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхІуга: «Оцу наха дуьйцучун тидам биний ахь? Цара олу: „Ша хаьржина долу ши халкъ Везачу Эло Шена уллора дІатеттина“. Сан халкъ царна дола хета, хІинца иза Сан къам кхин ца хета царна. Амма Веза Эла волчу Аса боху: нагахь дийнаца а, буьйсанца а Айса бина барт а, иштта стигалах а, лаьттах а долу весеташ а Айса чІагІ ца динехьара, тІаккха Аса Якъубан а, Сан ялхо волчу Даудан а тІаьхье дІатоттур яра, иштта ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а тІаьхьенашна тІехь паччахьалла дан Даудан тІаьхьенах цхьаъ хоржур вацара. Делахь а, Сан къоман аьтто Аса юхаметтахІоттор бу, царах къинхетам а бийр бу». Аса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дІатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахІиман хІух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо.
Выбор основного перевода