Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьовсал, Со керланиг деш ву! Иза хІинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза? Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду, эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду. Мисар-махка а даьхкина, Нил чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? Ашур-махка а даьхкина, Эпрат чуьра хи маларх хІун пайда хир бу хьуна? Муха эр ду: „Со бех ца вира аса. Со БаІал-деланийн лорах ца лелла“? ТогІи чохь хьо леларе хьажал, айхьа лелийначух дикка кхетал! Хьо, аьрха стен эмкал санна, хьайн некъаш дІакхоьхьуш яра. ХІунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьІаьржачу хІуттур ду, Ашур-махко ма-хІоттора. ХІунда до аша шайн тогІех дозаллаш, уьш токхе ю а бохуш? Ва тешаме доцу къам, хьайн хьолах тешна а Іаш, хьуна моьтту, хьуна тІелата цхьа а ваьхьар вац. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг – юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дІадаьлла, хІинца керланиг хилла дІахІоьттина! Іаршана тІе хиъна Волчо элира: «ХІинца Ас массо а хІума керла кхуллур ду». ТІаккха Цо элира: «ДІаязде иза, хІунда аьлча хІара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду».
Выбор основного перевода