Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн Іаш йолчу меттигашкахь даа мегар дац шайн кІен а, керлачу чагІаран а, зайтдаьттан а Далла луш долу уьтталгІа дакъа а, шун бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, шун уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а, ваІданца аша Далла лун мел йолу хІума а, шайн лаамца дІалуш долу сагІанаш а, Далла лерина кхидолу шун совгІаташ а. ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тІе дерриг а халкъаш оьхур ду. Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Веза Эла гуттар а хьан тхьамда хир ву. Цо, йокъа хІоьттича, хьуна оьшург латтор ду, хьан даьІахкаш чІагІйийр ю, тІаккха хьо хих Іабийна беш санна а, цкъа а хи ца кхачош долу хьоста санна а хир ву. Ярушалаймах хазахеташ а, цуьнан халкъах самукъадаьлла а хир ву Со. Цу гІали чохь кхин хезар дац белхар а, тийжам а. Исраил-мехкан лекхачу лам тІехь дІадугІур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тІехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ІиндагІехь Іийр ду. Цул тІаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тІаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТІаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш. Дала церан хІора бІаьрхи а дІадоккхур ду. ХІинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хІунда аьлча хьалхалера хІуманаш дІадевлла».
Выбор основного перевода