Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІаала пирІуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кІант ву, Сан дуьххьарлера бер ду. Хьовсал, Со керланиг деш ву! Иза хІинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза? Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду, эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду. Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хІунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дІабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тІе балор бу уьш. Ас Сайн массо а лаьмнех тачанаш дийр ду, Сайн массо а коьрта некъаш хьалаойур ду. Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду. ХІинца бохург хир ма дац ахьа Соьга: „Сан Да, Хьо сан жималлехь дуьйна сан накъост хилла ву! Аса, Везачу Эло, элира: «Суна шуьца Сайн кІенташца санна хила лаьара. Шуна дика латта дала лаьара суна – кхечу къаьмнийн долчул а хаза долу. Суна моьттура аша Сайх Да а олуш, шу кхин цкъа а Сох дІадоьрзур дац. Ерзинчу лакхенашкара схьахезаш белхар ду: Исраилан халкъо шайн цІушка орца доккху, шайн Дела волу Веза Эла виц а вина, шаьш шайн некъаш талхор бахьана долуш. «Оцу деношкахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш. Ткъа Даудан цІенна а, Ярушалайм-гІалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доІанийн са шортта тІеІанор ду Ас. ТІаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тІера санна, уьш гІайгІане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гІайгІане хиларе терра. Аша тІеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тІеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!» «Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кІентий а, йоІарий а хир ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала».
Выбор основного перевода