Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дІадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хІунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“. Шу Сан къам хилла дІахІуьттур ду, ткъа Со шун Дела хир ву». Везачу Элан оьгІазалла дІаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТІедогІуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду. Цул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кІелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара: «КІелхьардохург Цийонера вогІур ву. Якъубан тІаьхьенан ерриг а Іесалла дІайоккхур ю Цо. Аса иштта барт бийр бу цаьрца, церан къиношна Айса гечдича». Хаза кхаъ тІе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагІий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХІетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваІда бахьана долуш. «Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кІентий а, йоІарий а хир ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала».
Выбор основного перевода