Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. Ярушалаймерчу пенан Сонехь долчу кевнна а, ТогІин кевнна тІехь а, АгІонна тІехь долчу кевнна тІехула а бІаьвнаш яйтира Іузи-ЯхІус. ТІаккха и бІаьвнаш чІагІъяйтира цо. Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гІевттина, УьстагІийн ков юхаметтахІоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неІарш дІахІиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дІахІоттийра Меа цІе йолчу бІаьвнна тІера Хьананиал цІе йолчу бІаьвнна тІе кхаччалц. Цул тІаьхьа цу гІалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира. Къилбаседехьа йолчу ГибаІ-гІалара Ярушалаймана къилбехьа йолчу Римун-гІалина тІекхаччалц дерриг а латта Іариба-тогІи санна хир ду. Ярушалайм-гІала шен лекхачу меттехь кхидІа а лаьттар ю. Иза хир ю Бен-Яманан кевнна тІера дуьххьарлерчу кевнан меттехь долчу Сонерачу кевнна тІекхаччалц а, Хьананиал-бІаьвнна тІера паччахьан муттдоккхургана тІекхаччалц а.
Выбор основного перевода