Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. Аса уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тІаьхье стам а лур ю. Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хІокху метте юхаберзор бу, сашортехь Іайтархьама. Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тІехь а, ГалІадехь а дузур ду. Цундела ахьа цу нахе дІаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дІабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цІа санна хир ву уьш дІабаханчу мехкашкахь’“.
Выбор основного перевода