Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа эсала болчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду, машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду. Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дІадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хІунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“. Уьш Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Аса цаьрца массо а тІейогІучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кІорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дІа ца къастийта. Ас шуна керла дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас шуна. Шуна чуьра шун тІулган дог дІа а даьккхина, шуна дилханан дог кхуллур ду Аса. Иза Аса Сайна лаьттахь дІаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ – эр ду». Ас схьа а балийна, Ярушалаймехь бехар бу уьш. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Уьш нийсонца лелар бу, ткъа Со царна тешаме хир ву“. Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гІуллакхан жамІ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТІулга тІехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза. «Иштта барт бийр бу Аса цаьрца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан дегнаш чу дуьллур ду, церан кортош тІехь яздийр ду Аса».
Выбор основного перевода