Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. Везачу Эло Іамор бу хьан берриг а кІентий, церан машар а, беркат а доккха хир ду. Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цІандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду. Цу заманахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхІудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хІунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса». Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета. Пайхамарийн цхьана тептар тІехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Іамор бу“, – аьлла. ХІора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогІу Суна тІе. Цунах лаьцна массо а пайхамарша тоьшалла до Цунах тешачунна Цуьнан цІарах къиношна гечдийриг хилар». Аса иштта барт бийр бу цаьрца, церан къиношна Айса гечдича». ТІаккха Цо тІетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса».
Выбор основного перевода