Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Деле бехийша Ярушалаймана машар: «Маьршачу меттехь хуьлийла хьо езаш берш! Машар лаьттийла хьан пенашна юкъахь, сашорте лаьттийла хьан гІепашна чохь!» Хьалха санна Ас хьуна куьйгалхой лур бу. Тохара санна Ас хьуна хьехамчаш лур бу. Цул тІаьхьа хьох „Нийсонан шахьар“ а, „Тешаме гІала“ а эр ду». Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. хІунда аьлча тІекхочуш ду, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхІудан а долу, Сайн халкъан аьтто юхаметтахІоттор долу денош. Аса и халкъ юха а церан дайшна Айса деллачу лаьтта тІе схьадалор ду, и латта церан долахь а хир ду“». Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тІаьхьенан аьтто юхаметтахІоттор бу, цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу. ГІала юхаметтахІоттийна хир ю ша хиллачу гу тІехь, ткъа гІалин гІап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю. Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теІадеш, мухІарца чІагІдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, гунаш тІехь а, малхбузехьа долчу акъари тІехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагІаша бохура: „Тхо бехке дац, хІунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Іаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Іаш бара“. Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тІе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гІала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“. Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара».
Выбор основного перевода