Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дІахІоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цІарах вистхила. Ахьа дІахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хІаллакдина а, дІадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахІиттийна а, юхадоьгІна а хир ду аьлла». Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хІокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хІиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дІабугІур а бу, орамашца схьабохур а бац. Везачу Эло иштта боху: «Айса цу халкъана бохамаш бина хиларе терра, Айса лур ду аьлла дика мел дерг царна дийр ду Ас. Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гІо дархьама бийр бац, уьш хІаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхІудхой я мацалло хІаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц. Иштта дІаала цуьнга, Ярми-ЯхІу: ‘Везачу Эло боху: ‹Айса мел хІоттийнарг а Ас дохор ду, Айса дІа мел йоьгІнарг а орамашца схьайоккхур ю. Иза Ас дерриг а махка тІехь дийр ду.
Выбор основного перевода