Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тІе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогІахь, тахана ас шуна тІе-ма-диллара, qac Зqac*уламаш сан Хьайна дага ма даийтахьа. Къоналлин къиношна гечдехьа сан. Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина, со дагаваийтахьа, Веза Эла, Хьо дика волу дела. Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». Хьо сашортехь бехачу хенахь, Ас хьоьга дІахьедира, амма ахьа ладугІур дац элира. Хьо къона долчу хенахь дуьйна а ахьа ла ца дугІура Аса бохучуьнга. Велха, узарш а деш, адаман кІант, хІунда аьлча и тур Сан къомана а, берриг а Исраилан элашна а дуьхьал даьккхина ду. Уьш Сан къомаца цхьаьна хІаллакбина хир бу. Цундела велха, хьайн некха тІе куьйгаш а детташ. ТІаккха дагадогІур ду шуна шаьш дІакхехьна долу вон некъаш а, шаьш дина долу вонаш а. Цул тІаьхьа шаьш шайх дог дер ду шун шаьш летийна къинош а, дегаза гІуллакхаш а бахьана долуш. Ткъа Даудан цІенна а, Ярушалайм-гІалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доІанийн са шортта тІеІанор ду Ас. ТІаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тІера санна, уьш гІайгІане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гІайгІане хиларе терра. Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тІеверзо гІерташ хиларх?
Выбор основного перевода