Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
царах малх дийнан Іуналла а деш, (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.) бутт а, седарчий а буьйсанан Іуналла а деш – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Абаденналц уьш дІахІиттийна Цо. Цкъа а дІадовр доцу парз дина Цо. «Суна иза Нохьин деношкахь санна ду. Цу хенахь Ас чІагІо йира, кхин цкъа а лаьтта тІе Нохьин хиш дер дац аьлла. ХІинца Ас чІагІо йо кхин хьуна оьгІаз ца ваха а, бехкаш ца даха а. Лаьмнаш дегадахь а, гунаш меттахдовлахь а, Сан хьоьга болу хедар боцу безам дІабер бац, Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», – боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло. «Везачу Эло иштта боху: „Дийнаца а, буьйсанца а Аса бина барт шуьга бохалур белахьара, уьш шайн хеннахь тІе ца кхочуьйтуш, «Оцу наха дуьйцучун тидам биний ахь? Цара олу: „Ша хаьржина долу ши халкъ Везачу Эло Шена уллора дІатеттина“. Сан халкъ царна дола хета, хІинца иза Сан къам кхин ца хета царна. Амма Веза Эла волчу Аса боху: нагахь дийнаца а, буьйсанца а Айса бина барт а, иштта стигалах а, лаьттах а долу весеташ а Айса чІагІ ца динехьара, тІаккха Аса Якъубан а, Сан ялхо волчу Даудан а тІаьхье дІатоттур яра, иштта ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а тІаьхьенашна тІехь паччахьалла дан Даудан тІаьхьенах цхьаъ хоржур вацара. Делахь а, Сан къоман аьтто Аса юхаметтахІоттор бу, царах къинхетам а бийр бу». «Хьалдолчу Элан бІаьргаш къинош летийначу пачхьалкхана тІехьажийна бу. Ас, хІаллак а йина, лаьтта тІера тІепаза йойур ю иза. Амма Якъубан цІа Ас кхоччуш хІаллакдийр дац, – боху Везачу Эло. – Ас, омра а дина, Исраилан халкъ массо а халкъашна юкъахь дІасадаржор ду, цецана чу дожош долу буьртигаш санна, амма царах цхьа а вониг лаьтта ца бужу.
Выбор основного перевода