Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берашкара даьлларг бахьана долуш дай ма байа, бераш а ма дайа дайшкара даьлларг бахьана долуш. Іожаллин таІзар догІу зулам далийтина хІорра а, ша далийтина и зулам бахьана долуш бен, вен ца веза. Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду – ден я кІентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг. Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кІантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таІзар дийр дац, шен кІанта летийначу къиношна дена а дийр дац таІзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догІу, вониг лелочун вон цунна бен догІуш ца хиларе терра. ХІора адамна а Дала шен-шен дахаран мохь белла. Шу Іеха ма лолаш! Дела-м Іехалур вац, хІунда аьлча адамо ша дІадийнарг хьокхур а ду.
Выбор основного перевода