Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Іуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь. Стигалша Делан сийлалла гойту. Цо динчу гІуллакхех лаьцна дуьйцу цара. Таханалерчу дийно кханалерчуьнга хаам бо, тховсалерчу буьйсано кханалерчу буьйсане дуьйцу цунах лаьцна. Ца дуьйцу иза я меттанашца, я дешнашца, церан аз а дац хезаш. Дерриг а лаьтта тІехула чекхйолу церан лар. Дуьне мел ду дІакхочу церан тоьшалла. Стигалшкахь маьлхана Іан меттиг елла Дала. Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кІант санна, араболу малх а, къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш. Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза, вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан. Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хІума хьул ца ло. Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
Выбор основного перевода