Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху: «ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан цІийнаца а, ЯхІудан цІийнаца а керла барт бен долу. Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза. ХІунда аьлча цара и Сан барт лар ца бира, цундела со дІавирзина царна тІера, – боху Везачу Эло. Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан кортош чу дуьллур ду, церан дегнаш тІехь яздийр ду Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а хьоьхур дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш. ХІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву. Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Аса цаьрца массо а тІейогІучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кІорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дІа ца къастийта. Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дІа а хІоттор ю. Шаьш пхьор диина девлча, Іийсас, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Іанор долчу Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара. Цо Ша делла тхуна похІма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гІуллакх дан. ХІунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо.
Выбор основного перевода