Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавелера халкъ дуккха а халкъашна а, баккхийчу паччахьашна а хьалха гІуллакх деш лелар ду, цара диначуьнга а, церан куьйгаша лелийначуьнга а хьаьжжина, Аса царна доггІург дІа а лур ду“». Иштта боху Везачу Эло: «Ас Бавелна а, Лев-Кхамай-мехкан бахархошна а тІе хІаллакбо мох хьокхуьйтур бу. Хийра нах Ас Бавелан къомана тІегІуртуьйтур бу. ИрхдугІучу хенахь кегаш мохо дІахьакхаре терра, цара бавелхойн мохк бассор бу. Цунна тІе бохам бечу дийнахь массо а агІор оцу махкана го бийр бу цара.
Выбор основного перевода