Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гІала, Седам а, Іамор а санна, Дала хІаллакйийр ю. Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь: «Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дІа ма сецна! Оцу олахоша шайн оьгІазаллица халкъашна ца соцуш тухура, шайн дераллица къаьмнаш муьтІахь дора, царна ницкъ бар юха а ца узуш. Везачу Эло боху: «Бавел, хьо – Сан тІеман диг ду, хьо – Сан тІеман герз ду. Хьоьца Ас халкъаш а хьошура, хьоьца Ас пачхьалкхаш а хІаллакйора. Хьоьца Ас говр а, цунна тІера бере а хьошура, хьоьца Ас гІудалкх а, иза лоллуш верг а хьошура, хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура, хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура, хьоьца Аса кІант а, йоІ а хьошура, хьоьца Ас Іу а, жа а хьошура, хьоьца Ас ахархо а, сту а хьошура, хьоьца Ас мехкада а, куьйгалхо а хьошура». «Ткъа хІинца ЯхІудхойн бІаьргашна хьалха Ас дІадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тІехь мел дина вон бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Цу гІалина тІедеанчу Іазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дІа а хІиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гІала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гІалин! ХІунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!» Цхьана сахьтехь хІаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!» Массо а хІордкеманаш долахь берш а, хІордкеманашна тІехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хІордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дІахІиттира. Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тІулгах тера болу тІулг схьа а эцна, хІорда чу кхоьссира. Цо элира: «Ишттачу ницкъаца хІаллакйийр ю сел йоккха йолу Бавел-гІала, иза кхин юха хир а йоцуш!
Выбор основного перевода