Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хиш тІера массо а дехьаволийла дІалаьцна лаьтташ ю, гонах йолу уьшалш йогуш ю, тІемалой кхерамо Іадийна». Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гІуллакх, ткъа шун мостагІашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду. Бавелна тІехула хІорд баьржина, гІергІаш йолчу тулгІенаша иза дІахьулйина. Иштта тІекхочуш ду Ас Бавелан цІушна таІзар дийр долу денош. Берриг а цуьнан мохк юьхьІаьржачу хІоттийна хир бу. Массо а махкахула байинчеран декъий Іохкуш хир ду. Везачу Эло боху: «ТІекхочуш ду Ас Бавелан цІушна таІзар дийр долу денош. Массанхьа а цуьнан лаьтта тІехь чевнаш хилларш узарш деш хир бу.
Выбор основного перевода