Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, – боху Везачу Эло. – Іадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хІунда аьлча Ас Муаби-махкана тІе таІзаран денош далор ду, – боху Везачу Эло. – Амма цІеххьана буьйжира Бавел-мохк, хІаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна. Цхьа геланча вукху геланчина тІаьхьа а кхуьуш, Бавелан паччахье цуьнан гІала массо а маьІІера дІалаьцна лаьтташ ю аьлла, хаам эцна вогІу. Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хІоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тІекхаччалц. Цул тІаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, – боху Везачу Эло. – Ас малор ду церан баьччанашна а, хьекъалчашна а, мехкадайшна а, меттиган куьйгалхошна а, иштта церан тІемалошна а. Царна массо а ханна, кхин сама а ца бовлуш, наб кхетар ю» – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. Ткъа хашадхойн паччахь Белшацар цу буссехь вийра. Цул тІаьхьа паччахьалла кхузткъе ши шо долчу мадайхойн махкара Дари-Ваша цІе йолчу паччахьна карадеара.
Выбор основного перевода