Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Везачу Эло хІаллакйира цигахь йолу гІаланаш а, ерриг тогІи а, дерриг ораматаш а, цу гІаланашкахь Іийна дерриг адамаш а. Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонахара гІаланаш а йохийна дІаяьхначул тІаьхьа ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац. Изза дара ЛутІа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дІадоьра, гІишлош йора. Амма ЛутІа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догІа санна, деанчу цІеро а, саьмгало а дерриг а адам хІаллакдира. Иштта хир ду Адамийн КІант гучувоккхучу дийнахь а.
Выбор основного перевода