Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду. Хан тІееача, церан ког галбер бу. Церан хІаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тІекхочу“. Массо хьаькамаш а, тІемалой а, Дауд-паччахьан берриге кІентий а Сулим-паччахьан куьйга кІел бахара. ХІара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду. ХІара де Цо бекхам бо де ду. Цуьнан мостагІашна тахана бекхам хир бу. Туьро уьш, ша дуззалц, дІакхоллур бу, ша Іаббалц, церан цІий а молур ду, хІунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагІа кечдийр ду. «Бавел-гІалина тІелата схьакхайкха массо а секхаІад карахь долчаьрга. Схьаваийта хІора секхаІад дула хууш верг. ГІалина го бе, цигара цхьа а ведда кІелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хІунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу! Довдий, дІагІо Бавелера, хІораммо а шайн синош кІелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хІаллак ца хила. ХІара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггІург дІало зама а ю. Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий! Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чІагІо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цІоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тІехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду». Ас Бавелехь таІзар дийр ду Вел-харцдалла: цо дІа мел кхаьллинарг Ас схьатосуьйтур ду. Иза волчу халкъаш кхин оьхур дац! Бавелан пенаш а охьаэгна ду. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Бавелан стаммий пенаш баххаш тІе кхаччалц дохор ду, цуьнан лекха кевнаш а цІерца дагор ду. Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду, къаьмнаша бина болх цІеро багийна хир бу». Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло». Цо кхечарна динчу гІуллакхашка хьажжий, дІадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дІадекхалаш цунна. Цо шайна чагІар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагІар кечде аша цунна.
Выбор основного перевода