Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а ницкъийн Везачу Эло чІагІо йира: «Аса ойла ма-ярра хир а ду, Аса сацам ма-барра, кхочуш а хир ду. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана эдомхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург а оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур ву Суна дуьхьал? ЛадогІал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гІалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дІакхоьхьур бу аьлла. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш. Эдом южуш яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хІорд болчу кхаччалц дІахезаш хир ду. Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий! Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гІалин пенашна тІелата, гІарол а чІагІде, массо а меттехь гІаролхой дІа а хІиттош, мостагІчунна кІелонаш а кечъе!» Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду. Латта лесташ а, хьийзаш а ду, хІунда аьлча Везачу Эло Бавелна дан леринарг кхочушхуьлуш ду. Цунна Бавел-махках чохь адам Іаш доцуш дассийна латта дан лаьа. «Левиятан караІамо хьан сатийсам харц хир бу! Иза цкъа схьахьаьжча а, хьо охьавужур ву. Цо хьоршам тоьхча, ткъес тоьхча санна хета, цуьнан бІаьргаш сатасаран зІаьнарш санна лепа. Дагадаийта дуккха а зама хьалха хилларг. Со Дела ву, Со воцург, кхин дела вац, Со Дела ву, Со санна, кхин цхьа а вац.
Выбор основного перевода