Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас царна дуьхьал мадайхой бохур бу, ткъа цара дети а ца лору, иштта деших а дезар ца оьцу. Церан Іедаша кегий нах эгор бу. Аганара бераш а кхоадийр дац цара, берех а къинхетам бийр бац цара. Цигарчу майданашкахь а, урамашкахь а къона нах охьаоьгур бу, массо а тІемалой а хІаллакьхир бу цу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Бавел йохорхьама эскар цунна тІегІертар ду. Цуьнан тІемалой йийсаре буьгур бу, кегдина хир ду церан секхаІедаш. Веза Эла – бекхаман Дела ву, Цо кхоччуш бекхам бийр бу. Ас малор ду церан баьччанашна а, хьекъалчашна а, мехкадайшна а, меттиган куьйгалхошна а, иштта церан тІемалошна а. Царна массо а ханна, кхин сама а ца бовлуш, наб кхетар ю» – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо.
Выбор основного перевода