Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абаден абаде даллалц, бахархой хир бац цунна чохь, массо а тІейогІучу тІаьхьенашкахь цигахь стаг Іийр вац. Іаьрбичо шен четар а хІоттор дац цигахь, шайн жеца садоІуш Іуй а Іийр бац. Амма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦІенош бухІанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю. Акха жІаьлеш угІур ду дІатесна йолчу цуьнан бІаьвнашкахь, ткъа чангІалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гІаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац». Бавел тІулгийн оьла хилла дІахІуттур ю, цунах чангІалкхийн бен хир бу. Бавел гича, нах къемате а хир бу, шок еттарца цунах кхаьрдар бу. Цхьа а стаг цигахь вехаш хир вац. Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели-кх йоккха Бавел-гІала. Жинашна Іан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дІалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах.
Выбор основного перевода