Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а адам кхералур ду, цара Делан гІуллакх кхайкхор ду, Цо динчух лаьцна ойланаш йийр ю. Бавелера арадовла, хашадхойх дІадовда! Хазахетаран маьхьаршца дІакхайкхаде иза, массо меттехула дІасабаржабе и кхаъ: «Везачу Эло мах баларца паргІатъяьккхина Шен ялхо йолу Якъубан тІаьхье!» – алий. Довдий, дІагІо Бавелера, хІораммо а шайн синош кІелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хІаллак ца хила. ХІара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггІург дІало зама а ю. Сан халкъо боху: «Везачу Эло нийсонца вай меттахІиттийна, ткъа вай хІинца, Цийон-лам тІе а дахана, дІадийца деза вайн Везачу Дала динарг». Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий!
Выбор основного перевода