Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Соьгахь къайладаьккхина-м дац те иза? – боху Везачу Эло. – ХІуманаш латточу Сан чоьнаш чохь-м дац те иза дІакъевлина? Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогІуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хІаллакдархьама. Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гІалин пенашна тІелата, гІарол а чІагІде, массо а меттехь гІаролхой дІа а хІиттош, мостагІчунна кІелонаш а кечъе!» Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду. Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хІаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тІе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тІера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу. Везачу Эло билггал йохор ю Бавел-гІала, цунна чохь мел йолу гІовгІа дІа а туьйш. Яккхий тулгІенаш санна, мостагІий цунна тІегІертар бу, церан буьрса маьхьарий дІа а хозуьйтуш. Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таІзарш гулдо Делан оьгІазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна.
Выбор основного перевода