Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вай массо а тиладелла уьстагІий санна дара, хІора а шен-шен новкъа тІевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тІе вайн массеран а къинош а, бехк а. Суна уллохь хилар лоьхуш долчу Сан халкъан дуьхьа уьстагІийн дежийла хир ю Шарон-аре, ткъа бежано садоІу меттиг хир ю Іахур-тогІи. Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“ – аьлла, ткъа Іелам нах а Со вовза лууш бацара. Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера, ткъа пайхамарша БаІалан цІарах хаамаш бора, хІумма а йоцучу цІушна суждане оьхура. «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагІа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цІушна корта а бетташ, йина гІовгІа. Исраилан халкъан кІелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац. «Пайхамарш а, динан дай а Іеса бу, – боху Везачу Эло, – ур-атталла Сайн цІа чохь а церан Іесалла хааелла Суна. Цундела церан некъ царна хир бу, боданехь нах шоьршуьйтуш болу. ДІа а теттина, цигахь уьш охьаэгар бу. Царна таІзар дечу деношкахь Аса царна бохамаш хуьлуьйтур бу, – боху Везачу Эло. – Шамранан пайхамаршна юкъахь иштта дегаза хІума гина Суна: цара БаІалан цІарах хаамаш бо. Сан Исраилан халкъ ледеш ду цара. Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хІума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гІо дар бахьанехь, цхьа а шен Іесаллех дІа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гІалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Іамор-гІалин бахархой санна бу». Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Адамаш а, дийнаташ а доцучу хІокху бассийначу махкахь а, оцу мехкан массо а гІаланашкахь а юха а дежийлаш хир ю, жаІушка шайн жашка цигахь садаІийтархьама. Сан уьстагІий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тІехула уьш дІасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гІерта“. Аша хІинцца, дохко а девлла, Суна нийса хеташ дерг леладора: аша хІорраммо а шайн къомах волу лай паргІатвер ву элира. Сан цІе лелош долчу цІийнан кертахь, Суна хьалха и хІума кхочушдан аша барт а бира. Амма хІинца шайн дегнаш юха хийцира аша, Сан цІе сийсаз а йоккхуш. Аша шайна луъучу дІабаха паргІатбаьхна болу божарех а, зударех а болу леш шайна юхабалийра, уьш юха а шайна муьтІахь а бина“. Шуна муха хета? Шен бІе уьстагІ берг, царна юкъара цхьа уьстагІ дІакъаьстича, бисина болу безткъе ткъайоьсна уьстагІ шаьш болчохь лам чохь а битина, и дІакъаьстина уьстагІ лаха гІур вац?
Выбор основного перевода