Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дамасакх-гІалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дІабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гІайгІано а, лазаро а уьш дІалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду. Цхьа геланча вукху геланчина тІаьхьа а кхуьуш, Бавелан паччахье цуьнан гІала массо а маьІІера дІалаьцна лаьтташ ю аьлла, хаам эцна вогІу. Оццу хенахь цІеххьана, пена чуьра схьадовлуш санна, адаман куьйган пІелгаша, ара а девлла, паччахьан цІа чохь къуьдана дуьхьал болчу пена тІерачу кирана тІехь йозанаш деш гира паччахьна. Юьхьа тІера хийцавелира иза. Ойланаша хьовзийра иза. Цуьнан настарш малъелира, голаш, бегош, вовшахбетталора.
Выбор основного перевода