Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Іу ву. Цо Сан лаам кхочушбийр бу. Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахІоттае и гІала!’ Делан цІийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дІахІоттабе!’“» Схьа а гуллой, ладогІа, аш массара а! ЦІушна юкъара хьан аьлла кху хиндолчух лаьцна? Везачу Эло хаьржинчу стага Бавелна дуьхьал йолу Цуьнан Іалашо кхочушйийр ю. Хашадхошна тІехь Шен ницкъ гойтур бу цо. Ас омра дийр ду, – боху Везачу Эло, – уьш и гІала йолчу юхабахкийта. Цара, тІе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цІарца ягор а ю. ЯхІуд-махкара гІаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“». Ас уьш берриш а схьабалор бу: берриг а хашадхойх болу бавелхойн элий, Пакхудера а, ШуІагара а, КхуІагара а божарий, цаьрца цхьаьна Ашур-махкара элий а. Уьш берриш а хаза къонахой бу, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а, лакхарчу даржера болу тІеман хьаькамаш а. Ткъа уьш берриш а говза дошлой бу.
Выбор основного перевода