Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма хан яьлла а, хьалха кхузахь хилла долу Делан цІа гина а дукхахболу динан дай а, левихой а, тайпанийн тхьамданаш а, керлачу Делан цІийнан бух боьттина шайна гича, мохь а бетташ, боьлхуш бара. Ткъа вукхарах дукхахболчара хазахетарца маьхьарий деттара. Царна юкъахь къасталуш дацара боьлхуш болчеран а, хазахетарца маьхьарий детташ болчеран а аьзнаш, хІунда аьлча геннара схьахезаш дара церан аьзнаш. Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. Цу деношкахь ЯхІудан тІаьхье цхьаьнакхетар ю Исраилан тІаьхьенца. Уьш цхьаьна къилбаседехьарчу махкара Аса шайн дайн дола деллачу лаьтта тІе схьабогІур бу». Белха а боьлхуш, уьш схьабогІур бу, доІанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дІабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хІунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву». ТІаккха яхІудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дІа а хІоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хІунда аьлча ИзраІалан де сийлахь хир ду!» Цул тІаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тІаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТІаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш. Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тІедерза вай. ХІунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дІа а йоьхкур ю. Ткъа Даудан цІенна а, Ярушалайм-гІалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доІанийн са шортта тІеІанор ду Ас. ТІаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тІера санна, уьш гІайгІане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гІайгІане хиларе терра.
Выбор основного перевода