Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо Исраилан халкъан сатийсам хилла лаьтта, Хьо бохамах тхо кІелхьардохург ву. Ткъа хІунда ву Хьо тхуна хийра стаг санна, буьйса яккха бен чуван воцу некъахо санна? Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Хьох дІабевллачеран цІераш эхарте дІаязйина ю, хІунда аьлча шайна цІеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахІоттабича, ЯхІуд-махкахь а, цуьнан гІаланашкахь а хІара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тІехь Іаш йолу меттиг“. ГІаролхойн хьаькамо, Ярми-ЯхІу царна юкъара схьа а ваьккхина, цуьнга элира: «Хьан Везачу Дала хІокху меттигна хІара бохам бийр бу аьлла. Ткъа хІинца Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина. И дерриг а хилла, аша Цунна хьалха къинош летийна дела а, аша Цо бохучуьнга ла ца доьгІна дела а. Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тІе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Іоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Іалашбийр бу Ас уьш.
Выбор основного перевода