Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярми-ЯхІу, цаьрга дІаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гІигІ дийр ду. Цо Шен дезачу цІа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧІогІачу озаца Цо гІигІ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагІар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тІехь бехаш болчу массо а нахе. Хьоьца Ас говр а, цунна тІера бере а хьошура, хьоьца Ас гІудалкх а, иза лоллуш верг а хьошура, хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура, хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура, хьоьца Аса кІант а, йоІ а хьошура, ТІом бечуьра сецна Бавелан тІемалой, уьш чІагІйинчу меттигашкахь сецна Іаш бу. Ницкъ дІа а баьлла, уьш зударий санна хилла дІахІиттина. ГІаланийн зайлаш бохийна дІабаьхна, ткъа церан цІенош догуш ду. Хуша а, ПІатІа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваІданца беллачу махкара бахархой а туьро хІаллакбийр бу’. Хьайн эскаре хьажал! Хьан тІемалой зударех тера хир бу! МостагІий хьан махка чугІурту кевнаш шуьйра схьаделладелла лаьттар ду. Церан гІораш цІеро дІакхаьллина хир ду.
Выбор основного перевода