Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а Шен гІуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таІзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бІаьргаш дозаллех буьзна хиларна а». Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хІунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дІадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргІано санна аса паччахьаш шайн гІанташ тІера чукхиссина. Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хІоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тІам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гІаттий, я цхьа а гІовгІа а ца йи». Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тІехь олалла дийр дуй те гІожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те? Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тІехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хІинца, доккхачу дарцан гІовгІанца, Аса цунна цІе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац. Аша динчу гІуллакхе хьаьжжина таІзар а дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Аса шун паччахьан цІахь цІе латор ю, цо гонах мел долу хІума дагор ду». Ас цІе тосур ю Дамасакхан пенех, ткъа оцу цІеро Бен-Хьадид-паччахьан гІепаш дІакхоллур ю».
Выбор основного перевода