Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус олалла до доьалгІачу шарахь Сари-ЯхІу цуьнца цхьаьна Бавеле вахара. Сари-ЯхІу Махьси-ЯхІун кІентан Нери-ЯхІун кІант вара, ткъа иза паччахь Іаш волу меттигаш Іалашйийриг вара. Ярми-ЯхІу-пайхамаро цуьнга цхьа хаам дІабелира. Ярми-ЯхІус Бавелна тІекхача безаш болчу бохамех лаьцна дерг а, Бавелах лаьцна кхин бина хаамаш а дерриг а тептар тІе дІаязбинера. Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дІадахара. Цо бохура: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели йоккха Бавел-гІала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагІар малийна цо массо а халкъашна».
Выбор основного перевода