Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тІехъоьхур бу. Со гонах дІасахьаьжча, цигахь цхьа а адам дацара, стигалара олхазарш а дІадаханера. Латта лесташ а, хьийзаш а ду, хІунда аьлча Везачу Эло Бавелна дан леринарг кхочушхуьлуш ду. Цунна Бавел-махках чохь адам Іаш доцуш дассийна латта дан лаьа. Цул тІаьхьа стигал а, латта а, царна тІехь мел дерг а даккхийдеш хир ду Бавелна хилларг бахьана долуш, хІунда аьлча къилбаседехьара хІаллакдо эскарш тІелетар ду, – боху Везачу Эло. Цул тІаьхьа ала: „Веза Эла! Ахьа хІара меттиг хІаллакйийр ю ма аьлла, кхузахь цхьа а стаг а, дийнат а кхин а ца Іойтуш, кхунах массо а ханна яссийна меттиг дІа а хІоттош“. Везачу Элан дош Ярми-ЯхІуга иштта кхочура яхІудхойн паччахь Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахь волчу хенахь дуьйна, Юши-ЯхІун кІанта ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла дечу цхьайтталгІачу шеран пхоьалгІачу батта тІекхаччалц. Оцу хенахь Ярушалайман халкъ йийсаре дІадигира.
Выбор основного перевода