Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шишша цхьаьна хІиттина богІуш дошлой а, схьабогІуш нах а бу». Цул тІаьхьа цо элира: «Бавел-гІала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Іохкуш ду». «Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьІна ву. Оцу деланийн суьрташ хІинца бежанашна тІехь дІахьош ду. Хьалха аша дІакхехьначарах кІадделлачу даьхнина беза мохь хилла. «ТІеман байракх хьалаайае! Къаьмнашна юкъахь коьман маІа лакха! Бавел-гІалина тІелата халкъаш кечде! Араратан а, Менин а, Ашкиназан а пачхьалкхаш цунна дуьхьал яха омра де. Царна массарна а тІехь баьчча хІоттаве, цІоз санна дукха говраш а хилийта. Цхьа геланча вукху геланчина тІаьхьа а кхуьуш, Бавелан паччахье цуьнан гІала массо а маьІІера дІалаьцна лаьтташ ю аьлла, хаам эцна вогІу. Ас Бавелехь таІзар дийр ду Вел-харцдалла: цо дІа мел кхаьллинарг Ас схьатосуьйтур ду. Иза волчу халкъаш кхин оьхур дац! Бавелан пенаш а охьаэгна ду. Иштта тІекхочуш ду Ас Бавелан цІушна таІзар дийр долу денош. Берриг а цуьнан мохк юьхьІаьржачу хІоттийна хир бу. Массо а махкахула байинчеран декъий Іохкуш хир ду.
Выбор основного перевода