Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. Эскархойн карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. ТІамана кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Цийонан йоІ». Ярушалайман бахархоша элира: «Царах лаьцна тхайга хаам кхаьчча, кхераделла, доьхна хьийзаш дара тхо. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара тхоьгахь. Къилбаседера къам Бавел-махкана тІегІертар ду, цунах яьсса аре а йина, дІа а хІоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дІагІур ду». Цуьнца машар хир бу. Ашурхой, вайн махка чу а баьхкина, вайн гІепаш а кегъеш, чекхбевлча, вай царна дуьхьал тІом бан вешан нуьцкъала тхьамданаш бохуьйтур бу. Хьуна гиначу итте а маІана а, экханна а бІаьрга ян а езар яц и нахаца леларг. Цуьнан долахь мел дерг схьа а даьккхина, цара иза ерзина йоккхур ю. Цара цуьнан дегІ а дуур ду, и цІергахь ягор а ю.
Выбор основного перевода