Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. «Ткъа хІинца ЯхІудхойн бІаьргашна хьалха Ас дІадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тІехь мел дина вон бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Тхуна массарна а йинчу къизаллех Бавелан къам жоьпе озадойла, – боху Цийонан бахархоша. – Оха хьегна баланех хашадхойн мехкан бахархой жоьпе озабойла», – боху ярушалаймхоша. Хьуна гиначу итте а маІана а, экханна а бІаьрга ян а езар яц и нахаца леларг. Цуьнан долахь мел дерг схьа а даьккхина, цара иза ерзина йоккхур ю. Цара цуьнан дегІ а дуур ду, и цІергахь ягор а ю.
Выбор основного перевода