Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавелера арадовла, хашадхойх дІадовда! Хазахетаран маьхьаршца дІакхайкхаде иза, массо меттехула дІасабаржабе и кхаъ: «Везачу Эло мах баларца паргІатъяьккхина Шен ялхо йолу Якъубан тІаьхье!» – алий. Довдий, дІагІо Бавелера, хІораммо а шайн синош кІелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хІаллак ца хила. ХІара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггІург дІало зама а ю. Арадала Бавелера, Сан халкъ! ХІораммо а шен са кІелхьардаккха Везачу Элан чІогІачу оьгІазлонах. ТІаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гІали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.
Выбор основного перевода