Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. ДІаала Ярушалайме эсала, дІахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дІабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таІзар тІеэцна цо дерриг а шен къинойх». ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цІандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду. Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а. Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дІашарйийр ю, Ахь кІорггачу хІорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош.
Выбор основного перевода