Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо бежанийн кІалд, жийн шуьреш, дерстина Іахарий а, гезарий а, Башанера тоьлла долу бежанаш а, тоьлла долу кІа а даадора оцу халкъана. Кемсех даьккхина долу чагІар муьйлура цара. Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу. Халкъаш, ладогІалаш Везачу Элера болчу хааме, хІордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дІахаийталаш: «Исраилан халкъ дІасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду. Іуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду». Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Адамаш а, дийнаташ а доцучу хІокху бассийначу махкахь а, оцу мехкан массо а гІаланашкахь а юха а дежийлаш хир ю, жаІушка шайн жашка цигахь садаІийтархьама. Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тІе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Іоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Іалашбийр бу Ас уьш. Аса дикачу бай тІехь Сайн уьстагІий дажор ду, ткъа Исраил-мехкан лекхачу лаьмнашкахь царна дежийлаш хир ю. Цигахь уьш дикачу дежийлашкахь садоІуш хир ду, ткъа Исраил-мехкан лаьмнашкахь, токхечу бай тІехь, уьш дежаш а лелар ду. Хьайн халкъ, дежийлашна юкъахь йолчу хьуьнхахь шаьш дехаш долу Хьан тІаьхьенан уьстагІий, Хьайн коьжалгаца дажадехьа. Дежийла уьш, ширачу заманахь санна, Башанехь а, ГалІадехь а!
Выбор основного перевода