Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а ницкъийн Везачу Эло бохура: «Ас Іейламан секхаІадкхоссархой хІаллакбийр бу, оцу къоман уггар боккха болу ницкъ. СекхаІад кхуссучарна шайн Іад дула я шайн гІаьгІнаш тІедуха хан ма ло. Бавелхойн кегий нах ма кхоабе! Дерриг а церан эскар, дохадай, хІаллакде! Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий! Ахьа а дукха халкъашна талораш дина дела, дисинчу массо а халкъаша хьуна а талораш дийр ду, хІунда аьлча ахь адамийн цІий Іанийна, иштта мехкашна а, гІаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина. Ливанун-махкахь ахь лелийна зуламаш хьуна тІедоьрзур ду. Ахь дийнаташ хІаллакдарна, акхароша хьо а кхерор ву. ХІунда аьлча адамийн цІий а ахь Іанийна, иштта мехкашна а, гІаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.
Выбор основного перевода