Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагІийн кхардарх къахкарна, церан мостагІий кура а бовлийтина, цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду, Везачу Эло ца динера хІара-м’“. Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чІогІа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тІелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхІудан тІаьхье схьайоккхур ю. Мисаран къам чІогІа хаза дуьхьарг санна ду, амма къилбаседехьара ю тухуш болу моза цунна тІебогІу. qac Цqac*арна ас узарш деш хезна, Вац-кха сан догъэца цхьа а. ДІахезна сан мостагІашна Со къизачу баланехь хилар. Айхьа аьлла де тІедаийтахьа, Уьш а Ахь сох дІатарбехьа. Шуна ца тоьу ткъа шаьш дикачу дежийлашкахь дежаш хилар? Аша-м дежийлаш тІехь йисина йолу буц шайн когашца хьоьшу. ЦІена хи молу аша, ткъа дисина долу хи шайн когашца даржадо. Аша массо а гІийлачу уьстагІна шайн агІонаш а, маІаш а етта, уьш шайна юкъара дІалахкархьама.
Выбор основного перевода