Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. ДІахІоттае хьайн некъан билгалонаш, некъ каро тІулгаш хьайна охьадахка. Тидам бе хьо леллачу некъан, хьо дІадуьгуш хиллачу тачанан. ЙоІстаг санна долу Исраилан халкъ, юхадерза хьайн гІаланашка. Аса цаьрца массо а тІейогІучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кІорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дІа ца къастийта.
Выбор основного перевода