Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хьайн баланах а, гІайгІанах а, луьрачу лоллех а хьо, Исраилан халкъ, кІелхьардаьккхинчу дийнахь, Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь: «Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дІа ма сецна! Іесачу паччахьийн олалла гойту гІаж Везачу Эло кагйина. Оцу олахоша шайн оьгІазаллица халкъашна ца соцуш тухура, шайн дераллица къаьмнаш муьтІахь дора, царна ницкъ бар юха а ца узуш. Дерриге а дуьнен тІехь машар а, сашорте лаьтта. Массара а хазахетарца маьхьарий детта. Исраил халкъан Везачу Дала, шу мах баларца паргІатдаьхначу Везачу Эло, иштта боху: «Шун дуьхьа Ас Бавелна дуьхьал эскар дохуьйтур ду. Берриге а хашадхой, бевдда нах санна, церан дозалла хиллачу кеманашкахь хинехула дІабуьгур бу Аса. Иштта боху хьан Хьалдолчу Эло, Шен халкъ лардеш волчу хьан Дала: «Хьан куьйгара схьаоьцу Ас хьо тахкийна болу кад. Сан дераллах буьзна болчу хІокху кедара ахь кхин мер дац. Аса кІелхьарвоккхур ву хьо вочу нехан карара а, иштта паргІатвер ву хьо къизачу нехан карара а». Везачу Эло Якъубан тІаьхье мехах паргІатйоккхур ю, цуьнан чул ницкъ болчеран карара схьа а йоккхур ю. Веза Эла, Ахьа эзарнашкахь болчарна Хьайн хедар боцу безам гойту, амма дайша летийна долу къинош бахьана долуш, церан берашна таІзар до. Хьо сийлахь а, нуьцкъала а Дела ву, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолуш волу! Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю. Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гІуллакх, ткъа шун мостагІашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду.
Выбор основного перевода