Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош дагийра. Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тІаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хІаллаквийр ву иза“». Ашурхойн паччахь Лахиш-гІалара дІавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дІавахара. Цунна шен паччахь Либна-гІалина дуьхьал тІом беш карийра. Цо тІелаьцна балийна болу тІемалой дустийначу эсех тера бу. Уьш шаьш бевдда дІагІур бу, дуьхьаллатта де доцуш, хІунда аьлча церан Іожаллин де тІекхаьчна, царна таІзар хуьлу де ду тІедеанарг. Іадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хІунда аьлча Ас Муаби-махкана тІе таІзаран денош далор ду, – боху Везачу Эло. – Исраил-махкахь Іаш берш, бохаман рагІ шуна тІекхаьчна. Дог доьхначеран зама тІекхаьчна, уллохь ду лаьмнашкахь синкъераман гІовгІа ца хеза де.
Выбор основного перевода